Сан хьомсара ВАША! Винчу денца со декъалвеш, аьлла довха дешнаш Дала сагӀа дойла хьан! Ахь декъалвар а, белхан мах хадор а – иза суна деза совгӀат ду. Со воккхаве вайн Хьалхарчу Президентана, Россин Турпалхочунна Кадыров Ахьмад-Хьаьжина (Дала гӀазот къобалдойла цуьнан) йуххехь суо нисваларх! Цуьнан некъа тӀехь къахьогуш, хьуна белхан накъост хила Дала сайна гӀо дарх а воккхаве со. Ахь сайх тешийнчу белхашца со ларавар а, кхиамашка кхачар а – иза хьоьгара хаддаза тергам а, гӀо а хилар бахьанехь ду. Дела реза хуьлда хьуна! Хьан декъалваран дешнаша хьалхачул алсамдоккху суна тӀехь долу жоьпалла а, белхан декхар а. Делан пурбанца, оцу декхарна хьанал волуш, кхин дӀа а къахьоьгур ду ас. Дала сий дойла хьан, лараме Рамзан-Хьаьжа! Дала хан йахйойла хьан!

Присоединяйтесь — мы покажем вам много интересного
Присоединяйтесь к ОК, чтобы подписаться на группу и комментировать публикации.
Нет комментариев